Даймохк New 2016 [M95] Ризавди Исмаилов и Элина Муртазова




Список песен исполнителя Ризавди Исмаилов и Элина Муртазова

Ризавди Исмаилов и Элина Муртазова - Даймохк (New 2016) [M95]

Исполнитель: Ризавди Исмаилов и Элина Муртазова

Название: Даймохк (New 2016) [M95]

Читали раз: 672

Текст песни:

I. Х1ай кура к1ант, ладог1ал ахь жимма
Цхьана илли алий цкъа вайшимма.
Хьо цул т1аьхьа воьвзар ву массанхьа,
Кху дуьненчохь г1аръер ю ц1е хьан.
Суна дуьне ду Нохчийнчоь хьоме,
Тоьаш ву со воьвзаш хилча кхузахь.
Вай 1аламо ойла йоккхий т1ома
Са дог иллех, мукъамех дузу.

Припев
Бакъ ду иза, Нохчийнчоь ду дуьне,
Хьалавийларх кхача ца ло цуьнан лам.
Леларх къорда ца йо аре цуьна,
Бух боцуш бу цуьна деган к1орга 1ам.
Х1ораммо дуг1уш цхьацца суьнтар,
Х1ора дийнахь туьллуш гергарлоний т1ай.
Лардеш халкъан маьрша дахар, синтем,
Даймохк хазбеш денна дехар ду вай.

II. Болалуш бу, тахна мехкан белхий
Т1аккха хир ду боху мехкан ловзар.
Говза вуй хьо гайта оьзда хелхар,
Каде вуй хьо къинхьегамехь къовса.
Даймахкахь со къахьега ву кийча
Илли ала, ян хелхарца къийса.
Нохчийнчоь ю дуьненан юкъ сийлахь,
И ду дерриг дуьне стигал сийна.

Припев
Бакъ ду иза, Нохчийнчоь ду дуьне,
Хьалавийларх кхача ца ло цуьнан лам.
Леларх къорда ца йо аре цуьна,
Бух боцуш бу цуьна деган к1орга 1ам.
Х1ораммо дуг1уш цхьацца суьнтар,
Х1ора дийнахь туьллуш гергарлоний т1ай.
Лардеш халкъан маьрша дахар, синтем,
Даймохк хазбеш денна дехар ду вай.

.............................

Припев
Бакъ ду иза, Нохчийнчоь ду дуьне,
Хьалавийларх кхача ца ло цуьнан лам.
Леларх къорда ца йо аре цуьна,
Бух боцуш бу цуьна деган к1орга 1ам.
Х1ораммо дуг1уш цхьацца суьнтар,
Х1ора дийнахь туьллуш гергарлоний т1ай.
Лардеш халкъан маьрша дахар, синтем,
Даймохк хазбеш денна дехар ду вай,
Даймохк хазбеш денна дехар ду вай.



Комментарии:

Добавить комментарий