Ма тийсалахь са M95 Мурад Байкаев




Список песен исполнителя Мурад Байкаев

Мурад Байкаев - Ма тийсалахь са (M95)

Исполнитель: Мурад Байкаев

Название: Ма тийсалахь са (M95)

Читали раз: 1839

Текст песни:

I. Дагалахь, дагалахь кийрар дог безамах дели хьо
1ийжаме хьуна йина чов, къера ву х1инца со
Сил дукха езаш леларна со 1еха велира
Корта сан хьоьвзина хиллера хьан дашах тешарна

Припев
Амма хир вац, со г1айг1ане,
Хьо йиц ян сайгахь ницкъ ас лоьхур бу
Воьхна гур вац, д1аяйна ц1е
Дагчуьра хьо д1айойур ю.
Ма тийсалахь са, хьо варе хьоьжуш
Яц хьо кхин са ас кхинарг лоьху
1емар ву со, хьо йоцуш ваха
Ма г1ерталахь хьо, сан некъаш леха

II. Къинт1ера со хьуна вера ву оьг1азло эшийна
Кхечуьнца дахар ас доькъур ду, доьхна дог тодина
Керлачу безаман туьйранах ирс сайна яздина
Кхетар бу сан дуьхьа дашо малх, самукъне эшарца

Припев
Амма хир вац, со г1айг1ане,
Хьо йиц ян сайгахь ницкъ ас лоьхур бу
Воьхна гур вац, д1аяйна ц1е
Дагчуьра хьо д1айойур ю.
Ма тийсалахь са, хьо варе хьоьжуш
Яц хьо кхин са ас кхинарг лоьху
1емар ву со, хьо йоцуш ваха
Ма г1ерталахь хьо, сан некъаш леха



Комментарии:

Добавить комментарий